Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро тIедиллина Роскомнадзор урхаллина "ца оьшучу вовшахтохараллийн" сайташна дуьхьал блок хIоттор. Ерриг а “ца оьшуш" ю аьлла Оьрсийчохь билгалъяьккхина ю 11 вовшахтохаралла.
Царна юкъахь ю, масала, "Демократина гIортор яран къоман фонд" (Национальный фонд в поддержку демократии) а, "Iамеркан а, Оьрсийчоьнан а экономика а, юстици а кхиоран фонд" а (Американо-российский фонд по экономическому и правовому развитию) юкъараллаш а, ткъа иштта Британехь туп тоьхна "Яьстина Оьрсийчоь" (Открытая Россия) олу болам а.
ГIура-беттан 11-чу дийнахь, "ца оьшучу вовшахтохараллех" лаьцначу низамца а догIуш, дIакъевлина "Открытая Россия" вовшахтохараллан масийтта сайт.