ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Диктант этнографин хиллехь а, хеттарш Кадыровн биографех дара


Нохчийчохь дIаяьхьначу "Йоккхачу этнографин диктантехь" Iаламат чолхе хеттарш дара бахахь а хьаькамаша, жоьпаш 12 шо кхаьчначу берана а хуур долуш ду.

ШолгIа шо ду "Йоккха этнографин диктант" аьлла ерриг Оьрсийчоьнан регионашкахь акци дIакхайкхийна.

Нохчийчоьнан Iедало а жигараллица тIеийцира и экзамен, шина баттахь шозза чекхбийлар тIе а дожош бахархошна.

Дуьххьара байначу беттан 3-чу дийнахь, махкахь къаьмнийн цхьаллийн де даздечу барамийн программица а догIуш, Нохчийчуьрчу школашкахь, лакхарчу доьшийлашкахь а кечйинчу чоьнаш чохь 14 шарера 71 шаре кхаччалц 3 эзар стаг чекхвелира тестех.

Иштта шоьтадийнахь шолгIа а дийзира оцу зилах чекхбийла бахархойн: министрийн, кIоштийн администрацин куьйгалхойн, яздархойн, доцца аьлча, баккхийчу а, кегийчу а хьаькамийн а, могIарерчу бахархойн а.

Этнографин диктант язъйинчу хьаькамаша бахарехь, хIуммаъ атта дацара жоьпаш каро.

Къоман политикан а, арахьарчу зIенийн а, зорбанан а, информацин а Нохчийчоьнан министро Умаров Джамбулат цецвуьйлу тестехь хиллачу хеттарех: "Iаламат чолхе хеттарш дара, суна а тIехь, - боху цо меттигерчу телевизионехь еллачу интервьюхь, - экзаменехь ахь кхоъ бен ца даьккхинехь а, хьо вуьззина мехкан патриот ву, оцу зерах чекхваьлла волу", - элира цо.

Ткъа экзамен дIаеллачу яздархойн Союзан куьйгалхочо Ибрагимов Кантас, профессор волчу шена а цхьана, Iаламат чолхе дара боху тестера хеттарш, амма чIогIа пайде ду нохчийн истори бухера дуьйнна хаар аьлла, билгалдаьккхира цо.

Дешаран, Iилманан министраллан сайтехь яздарца, Нохчийчоьнан исторех, географех, этнографех лаьтта 100 хаттар Соьлж-ГIаларчу педагогикан университетца дага а буьйлуш, хIиттийна ду министраллан белхахоша. Оцу массо а хаттарна жоьпаш дала кхиа безара шина сахьтехь.

Ставрополан кIоштахь дIаяьхьначу этнографин диктантехь дешаран, кегийрхойн политикан министро Донецкий Дмитрийс а боху, баккъал а чолхе хилла хеттарш, хIунда аьлча, масала, нийса билгалъяккха езара Дагестанерчу Кубачи эвларчу говзанчийн орнаментан цIе а, 20-чу бIешерашкара Кавказах талламаш бечийн цIераш а, иштта евзаш хила езара кхи а спецификан терминаш а.

Ткъа махкахь хиллачу диктантан хеттарш чолхаллица хIиттийна бахахь а цигарчу хьаькамаша, Маршо Радионе дахкийтинчу оцу хеттаршка хьаьжча, хадам бо ахь, мел лахара а, 6-чу классехь доьшучо а хецна жоьпаш кхачор долуш уьш хиллаийла.

Масала, маца дуьненчу ваьлла Кадыров Ахьмад, муьлхачу юьртахь ваьхна Кадыров Ахьмад, Оьрсийчоьнан турплахо мидал маца елла Кадыров Ахьмадна, маца тIеэцна Нохчийн республикан Конституци, муьлхачу кIошта юкъа йогIу Лаха Варанде, ишта кхи дIа а.

Стохка ГIалгIайчуьрчу Iилманан-талламан Ахриевн цIарахчу институтехь акци йоьдучу хенахь, шена хьалха кийча жоьпашца бланкаш ехкича, реза ца хиллера мехкан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек.

"Суна сайн хаарш баккъал а зен лаьа" аьллачу цо, хийцийтинера шен бланкаш. ТIаьхьо къайла а ца хьош элира куьйгалхочо: "Советан заманара схьа дара дукхахдолу хеттарш, цундела суна дIоггара хала дацара царна жоьпаш дала. ХIетте а, цхьаццадолчу хеттаршкахь ницкъ хуьлура, сайна хетачу кепехь варианташ къаста-м йора ас, делахь а, дуккха а жоьпаш харц хир ду сан", - аьлла.

Ткъа дозалла до Нохчийчоьнан министро, ша кхиамца тестах чекхваьлла хиларца. Берашца цхьана Соьлж-ГIалин лоьмар 1 йолчу гимназехь кхочушйина цо этнографин диктант.

Амма шеко яц, министро 100 хаттарх 99-нна нийса жоп делла хир ду аьлла, хIунда аьлча, диктантна юккъера 4-чу цхьана хаттарна делла жоп нийса хуьлийла а яц. Я ша хIоттийна хаттар а, ур-атталла.

Оцу тестехь хоьтту "Хьехархочо кхуллуш ду къам" дешнаш аьлларг мила ву? Сулейманов Ахьмад, Айдамиров Абузар, Кадыров Рамзан, я Кадыров Ахьмад ву?

Нохчийчохь мел хуьлучу барамашкахь, дешнийн автор Кадыров Ахьмад ву бохуш, билгалдоккхуш велахь а, Интернетчохь яздина ду "Хьехархочо кхуллуш ду къам" алар ширачу сийлахь-баккхийчу Iилманчашкара схьадогIуш ду, аьлла.

Этнографин диктантера хеттарш
Этнографин диктантера хеттарш

Этнографин диктантера хеттарш
Этнографин диктантера хеттарш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG