ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерко шен эскархойн терахь алсамдоккхур ду 2018-чу шарахь


Iамеркан президент Трамп Доналд ву эскархошна юкъахь. Архивера сурт.
Iамеркан президент Трамп Доналд ву эскархошна юкъахь. Архивера сурт.

ТIедогIучу 2018-чу шарахь, кху тIаьхьарчу 7 шарахь дуьххьара, Iамерко алсамдоккхур ду шен эскархойн терахь. Цунах лаьцна дIахьедар дина президенто Трамп Доналда. Цо дийцарехь, Iамеркан эскархойн алапа алсамдоккхур ду, кху тIаьхьтарчу шерашкахь ца хиллачу кепара.

Президенто Трампа иза хьалхара гIулч ю боху, Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман ницкъ буьззинчу барамехь юхаметтахIотторехь.

ГIура-беттан 12-чу дийнахь Трампа тIеийцира 2018 шарахь армина хьажийна бюджет. Цуьнан барам бу 700 миллиард доллар. Цунах 4 миллиард 500 миллион доллар хьажор ду Iамерко шен НАТО-хь болчу Европерчу бертахошна.

ТIеман хьашташна ахча дайарца хьалхара меттиг дIалоцуш ю Iамерка. ШолгIачу меттехь ю Китай. КхоалгIа ю Оьрсийчоь.

Стохка Оьрсийчоьно тIеман хьашташна дайина 70 гергга миллиард доллар. Iамерко дайира 611 миллиард. Ткъа Китайн тIеман бюджет яра 215 миллиард доллар.

Оьрсийчоьно тIеман министраллана деллачу ахчанан барам алсамбаьккхира, сом дайдаларе а, газан а, мехкадаьттан а мехаш охьадовларе а ца хьоьжуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG