ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхо сийсазварна кхел йийр ю Эскерхановна


Эскерханов Тамерлан. Архивера сурт. 2015 шо.
Эскерханов Тамерлан. Архивера сурт. 2015 шо.

Оьрсийчуьра политик Немцов Борис вуьйш дакъалацарна чувоьллина волчу Эскерханов Тамерлана дакъалоцур ду Москох Басманан кIоштарчу кхелехь хир долчу дов листарехь. Цунах лаьцна хаам бина адвокато Бюрчиева Аннас, яздо РБК агенталло.

Эскерхановна дуьхьал схьадиллина ду керла бехктакхаман дов. Иза бехке веш ву суд ца ларарна. Талламхоша дIахьедар дина, Немцов верца йоьзначу кхелехь Эскерхановс сийсазвина шайн накъост аьлла.

Талламан комитетан белхахо лууш ву шен сий лардеш Эскерхановгара 100 000 сом даккха.

И дов дIакхачийна Басманан кIоштарчу кхеле. Адвокато Бюрчиевас бинчу хаамца, Эскерханов хIинца а Москох ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG