ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вочу хьолехь ю Лакхарчу Нойбоьрахь газ иккхина ягийна зуда


Лоьраш дийцарехь, вуно вочу хьолехь ю кхаариндийнахь Гуьмсан-кIоштарчу Лакхарчу Нойбоьрахь, цIа чохь газ а иккхина, ягийна зуда.

Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, газ эккхачу хенахь цу чохь хилла 5 адам -- 27 шо долу жима зуда а, цуьнан кхо бер а, цу зудчуьнан марнана а.

Берийн нана ю вочу хьолехь ерг, яздо "Кавказский узело". Цуьнан марнана а, кхо бер а дагийна ду, амма церан дахар кхераме дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG