ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно шайн телефонийн серий хедорна кхоьру Британин маршал


Британин Инарлан штабан хьаькам – авиацин маршал Пич Стюарт. Архивера сурт. 2017.
Британин Инарлан штабан хьаькам – авиацин маршал Пич Стюарт. Архивера сурт. 2017.

Оьрсийчоьнанан мостагIаллин лелар кхераме ду Европера Британин гIайренашка а, Къилбаседа Iамерке а хIорда бухула тесна долчу телефонийн кабелшна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Британин Инарлан штабан хьаькамо – авиацин маршало Пич Стюарта.

Цо дийцарехь, хIорда бухара телефонийн серий лардар уггаре хьалхарчерах декхар ду Британин тIеман ницкъийн а, цуьнан НАТО-на юкъарчу бертахой а. “Нагахь кабелш хедадахь оцу секундехь ирча хьал хIуттур ду дуьненаюькъарчу махбарна а, интернетана а», боху маршало.

Хьалхо Британерчу зорбанан гIирсашкахь хаамаш баьржинера, Атлантикан хIорда чохь кантиненташна юкъахь долу кабелш тесначу меттигашкахь Оьрсийчоьнан тIеман хIордан кеманаш гучудевлла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG