ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Биткоинш эца гIоьртинчу стеган 24,7 миллион сом лачкъийна Москох


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Москох цхьана криминалан тобано 23 миллион 700 эзар сом лачкъийна цуьнах биткоинш эца гIоьртинчу стеган. Цунах лаьцна хаам бо РБК агенталло, полицин хаьстана тIе а тевжаш.

Хамовники кIоштан полицин декъе латкъам бина телефонехула 34 шо долчу стага. Цо дийцарехь, Комсомолан проспектехь «Батони» кафехь бевзаш боцучу наха, криптовалюта духку шаьш аьлла сурт а хIоттийна, цуьнан лачкъийна 300 эзар евро а, 50 эзар Iамеркан доллар а.

И зулам дарна бехктакхаман дов долийна низамаш лардон органаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG