ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жимачу турпалхошна совгIаташ дина Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Хи чуьдожна бер кIелхьардаккхарна мидал луш ю Тепсаев Адамна. ГIур. 2017.
Нохчийчоь -- Хи чуьдожна бер кIелхьардаккхарна мидал луш ю Тепсаев Адамна. ГIур. 2017.

Нохчийчуьра кхаа дешархочо – Тепсаев Адама а, Магомаев Мохьмада а, Зубайраев Мохьмада а - къонахалла гайтина, адамаш кIелхьардохуш, хаам бо республикерчу Орцаллан министраллан зорбанан сервисо.

Цу кхаа кIантана мидалш а елла, совгIаташ а дина Нохчийчуьрчу Орцаллан министраллан цIарах

Иштта, ворхI шо долчу Зубайраев Мохьмада а, 9 шо долчу Магомаев Мохьмада а ТIехьа-МартантIерчу Керлачу Шаройхь кIелхьарваьккхина, хи чуйоьжна шен мача схьаэца чугIоьрттинчехь, хи чувоьжна шайн накъост Ехиев Этхо.

7 шо долчу Зубайраев Мохьмадна луш ю мидал.
7 шо долчу Зубайраев Мохьмадна луш ю мидал.

9 шо долчу Магомаев Мохьмадна луш ю мидал.
9 шо долчу Магомаев Мохьмадна луш ю мидал.

Шелан кIоштарчу Гермачигара Тепсаев Адама кIелхьарваьккхина Басс хино хьуш хилла 2 шо долу кIант. Урамехь ловзуш волчу цуьнан бIаьрг кхетта хилла хино хьуш долчу берах. Ойла еш а ца Iаш, тIехьадда и жима кIант хьалаваьккхина цо хи чуьра, ша а нека дан хууш воццушехь.

Школехь дешна ваьллачул тIаьхьа тIейогIучу хенахь Орцаллан министраллехь болх бан некъ а кховдийна дог майрачу кхаа кIанте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG