ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Хьайн беран Touch ID дIаяьккха» акци шорлуш ю Оьрсийчохь


"Хьайн беран Touch ID дIаяьккха» цIе йолу акци шорлуш ю Оьрсийчохь, хаам бо vistanews.ru сайто.

Эксперташна хетарехь, керлачу технологеш гулбо адамах лаьцна дуккха а хаамаш. Царах пайда эца мега вон ойланаш йолчу наха.

Уггаре а кхерамехь дерш ду бераш. Тахана цхьацца дивайсашкахь шайнн пIелгийн томмагIаш дуьтуш долу бераш даьккхий хилча, цара йитина ларш царна дуьхьал йовла мега.

Цул сов, бераш идочу нахана а пайденна хила мега, берах дуккха а хIума хууш хилча. Хьалха цара оьцуш хилла информаци хIинца буьззинчу барамехь мехаза каро аьтто хир бу церан интернетехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG