ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шишани Салавди вийна Шемахь


.
.

Шемарчу Хама провинцехь вийна пачхьалкхан эскаршна дуьхьал лаьттачех уггар гоьваьлла нохчийн командир Шишани Салавди, бакъйолу цIе Маргошвили Пайзулла. Гуьржийчуьрчу ПIаьнказара схьаваьлла Шишани Салавди 2013-чу шарахь дуьйна Шемахь а, Иракъехь а тIемашкахь дакъалоцуш вара.

Къилбаседа Кавказан цхьа дакъа ша хета Шишани "Кавказан Имаратан" эмирна бен чIагIо йина вацара.

Шишани Iумарца (Батирашвили Тархан, вийна 2016-чу шарахь) ша кхоьллина Джейш ал-Мухаджирин вал - Ансар организаци дIатаса дийзира Шишани Салавди шен гIовсаца.

ТIаьхьа шен батальон вовшах а тоьхна, "Кавказан Имарат Шемахь" аьлла, цIе тиллира цо. Цуьнан эскархоша "Кавказан Имаратан" символ тIехь йолу барзакъ леладора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG