ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн бизнесхочо Украинан миллиардеран бахам къуьйсу


Украинан бизнесхо Григоришин Константин

Украинан миллиардерера Григоришин Константинера талламо схьабаьккхина бахам: Москохара петарш, цIа, Подмоскоьвера латтанаш шен ду аьлла нохчийн бизнесхочо Эдиев Хьасана. Григоришинна 230 миллион долларна иск чуелла Эдиевс, масех шо хьалха ша цуьнга духалург даккхий ахчанаш деллера, оцу хьокъехь Гуьмсан кIоштан кхело ша бакъ а вина, аьлла.

Ткъа Григоришина чIагIдо, шена Эдиев вевзаш а вац, бохуш. Миллиардеран адвокаташ Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхеле бовла дагахь бу.

2015-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан Талламан комитето долийна Украинерчу уггар гоьваьллачу совдегарна Григоршинна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх. Иза бехкево Iедална ял дIа ца кхачорна.

Хьалхо "Коммерсант" газетано яздора, болчу хаамашца, дозанал арахьа веха Григоришин Константин бIаьста дуьйна дуьненаюкъарчу лехамашка велла хиларх. Иштта, Iедало миллиардеран боллу бахам а дIабаьккхинера.

"Чеченэнерго" кхеташонан 53 шо долчу Эдиев Хьасана Гуьмсарчу кхеле латкъам бинера стохка аьхка. Цо чIагIдо, Григоришине цуьнан Москохара петар а, Подмосковьера бахам а юкъа а биллина, ша 110 миллион доллар ахча делла хиларх.

Эдиевс кхеле чуелла шаьшиннан хиллачу бертан кехатийн копеш а, Григоршина шен бахам юкъа а буьллуш, ша Эдиевгара ахча эцарх, куьйгязина документаш а.

XS
SM
MD
LG