ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист верна Украинано лаьцна нохчо дIавоьху Оьрсийчоьно


Журналан редактор Хлебников Пол
Журналан редактор Хлебников Пол

Оьрсийн версин Forbes журналан коьрта редактор Хлебников Пол верна бехкелору Дукузов Мохьмад схьавалар тIедожийна Украинана Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурано.

"Украинан дозанехь лаьцна Дукузов кхеле озорхьама дIавехна Украинан Инарла прокуратуре Оьрсийчоьно", - аьлла, яздо "Керланаш" агенталло.

Цкъачунна Украинас жоп ца делла Оьрсийчоьнна.

Байначу беттан 20-чохь Маршо Радионо ядинера, оьрсийн журналист Хлебников Пол верна бехке лору Дукузов Мохьмад Киевехь лацарх. Оьрcийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан официалан векало Волк Иринас бинера и хаам.

"Оьрсийн полисхоша дуьненаюкъарчу лехамашка ваьккхина 1978-чу шарера Дукузов лаьцна. Москохахь цхьа могIа нах байарна бехкевеш ву иза. Иштта цунна тIететтина Форбс олучу оьрсийн версин журналан коьрта редактор Хлебников Пол вер а",- аьлла Волка.

Украинан кхерамзаллан сервисаша хьалхо дIакхайкхийнера дуьненаюкъарчу лехамашкахь хилла ши Оьрсийчоьнан вахархо лаьцна шаьш аьлла. Царех цхьаъ ву Хлебников верна бехкевен Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо.

2004-чу шарахь аьхка Москох редакци чуьра араволучу хенахь вийнера Хлебников. Журналист вер тIедожийнарг нохчийн тIеман буьйранча Нухаев Хож-Ахьмад ву, вийнарг Дукузов Мохьмад ву аьлла, зорбанашкахь цIерш ехира.

2006-чу шарахь Дукузов а, шеконашкахь лаьцна Вахаев Муса а, Садретдинов Фаиль а маьршаваьккхира кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG