ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яшин Ильяс кхеле велла Москохан мэр


Москохарчу Красносельскан кIоштан депутатийн Советан куьйгалхочо, оппозиционера Яшин Ильяс гIалин мэрана Собянин Сергейна арз дина кхелехь. Яшина чIагIдарехь, мэро а, цуьнан белхахоша а кху беттан 24-чохь "Маьршачу харжаминй де" аьлла барам ца хIоттабойту кIоштахь.

Собянин воцург а, Таганскан кхеле белла Яшина иштта Москохан кхерамзаллан департаментан куьйгалхо Черников Владимир а, Юккъерчу административан округан префектан гIовс Травкин Сергей а, - яздо "Медузас".

Бакъонца харжамаш дIабахьийтар доьхуш Центризбиркоман гIишлонна хьалха ша цхьаъ дIахIоьттина пикет дIаяхьа дагахь ву Яшин оршотдийнахь.

Яшин Ильяс куьйгалла дечу депутатийн Совето дIакхайкхийна кху беттан 24-чу дийнахь "Маьршачу харжамийн де" дIадахьар кIоштан территори тIехь. Оппозиционера Навальный Алексейс оцу барамехь дакъалацар доьху шен агIончаш а.

Москохан мэрино и акци низамашца йогIуш яц аьлла, ткъа прокуратурано Яшине кехат дахьийтина, низамаш хьешар могуьйтур доцийла хоуьйтуш.

Яшин къар ца ло, меттигерчу тIегIанехь хIитточу барамех мэрица дийцаредан оьшуш дац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG