ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн мухIажирийн Iуналла дарна совгIат делла Австрерчу бакъонашларъярхочунна


Дукхаъчу шерашкахь Австрерчу Кернтен лаьттахь бехачу нохчашна гIо дечу адамийн бакъонашларъярхочун Ступник Зигфридан сий дина цу лаьттан урхалло. Социалан проекташца нохчийн интеграцина тIехь къахьегарна ЗиглиндеТраннахеран цIарах йолу преми елла цунна.

Кху шарахьлерчу совгIате кхача шайн белхаш жюрин тидаме бехкинера Кернтен лаьттарчу исс юкъараллин цхьаьнакхетаралло. Амма Клагенфурт гIалин куьйгалло а, Фолксхилфе цIе йолчу Австрерчу гIодаран хьукмато а шайн харжам Ступник Зигфиридс нохчашца бечу белхашна тIехь сацийра.

2000-гIа шераш долалучу муьрехь нохчийн мухIажирш эзарнашкахь Австре схьаоьхучу хенахь ша кхоьллинчу "Аспис" цIе йолчу цхьаьнакхетараллехь Ступникс йолийна ю "Интеграцин Инициатива Доьзал" цIе йолу проект. Цу проекто гIо до Кернтен лаьттахь бехачу нохчийн доьзалшна Австрехь дIатарбала а, хийрачу махкахь кхоллалучу халонашца ларон а.

Къаьстина шена тидам тIе бохуьйтуш ю Ступник Зигфрида кхоьллина йолу нохчийн ловзархойх лаьтта футболан тоба. Цу тобанца цо сих-сиха доттагIаллин ловзарш дIахьо кхечу къаьмнийн векалех лаьттачу футболхошца а, масала, овхIанхошца а, туркошца а, Iарбошца а, ткъа иштта австрихойн футболан тобанашца а, бохуш дуьйцу Маршо Радион корреспонденто.

"И цхьаьнакхетаралла тIаьхьарчу ткъех шарахь гIо деш ю мухIажарийн доьзалшна кхузахь кога-ира хIотта", - элира совгIат Ступникан "Аспис" проектна яла шаьш бинчу сацамна бух балош жюрин декъашхочо Гштеттер Петера.

Ша Ступника шен болх иштта сий долчу совгIатца билгалбаккхар шена а, шен накъосташна а мотиваци ю элира, кхин дIа а шаьш Iуналла дечу 50 сов мухIажарийн доьзалшца белхаш бан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG