ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь эзарнаша дуьхьало а еш, Iедалехь чIагIвина дуьненчохь уггаре а къона урхаллин куьйгалхо


Керла канцлер а, керла министрийн кабинет а тIечIагIйина оршот дийнахь Австрехь. 31 шо долу керла австрихойн канцлер Курц Себастьян дуьнентIехь уггаре а къона пачхьалкхан куьйгалхо хIоьттина.

Байначу баттахь хиллачу харжамашкахь Курца толам баьккхира шен консервативечу Халкъан Партица. ШозлагIчу метте яьллачу меттигерчу аьтто-радикалечу Маьршачу Партин куьйгалхо Штрахе ХIанц-Кристиан вице-канцлер хIоьттина.

Курц Себастьян а, Штрахе ХIанц-Кристиан а бусалба динца а, мигранташца а гомачу паролашца туьйлира харжамийн кампанехь. МухIажарш криминале хилар а, тIебаьхкинчара Австрин социалан система хIаллакйеш хилар а дара цу шиннан а программашкахь коьрте даьккхина.

Аьтто-консервативе а, расистийн а хьежамаш болчу Маьршачу Партин векалша дIалаьцна керлачу урхаллехь массо а нуьцкъаллийн даржаш. Чоьхьарчу а, арахьарчу гIуллакхий министралла а, тIеман министралла а, массо а меттигера къайлаха сервис а хIинца Маьршачу Партерчу министраша куьйгалла деш ю. Иза ца тайна меттигера бахархой эзарнашкахь урамашка бевллера оршот дийнахь, керла урхалла тIечIагIйарна дуьхьало ян.

Официалечу терахьца, 6 эзар сов стаг вара "Урхалла нацистийн кара ца кхачийта!" цIе йолчу демонстрацехь дакъалоцуш. Царна дуьхьало ян Iедало араваьккхинера 1500 полисхо.

Оршотан делкъа хенахь митингехь Iедалан векалшна дуьхьало ярна полисхоша лаьцна кхо стаг бохуш, Венера хаам бо Маршо Радион корреспонденто.

Дуьхьалонан акцин цхьаццаболчу дакъалацархоша полисхошна хIоаш а, помидорш а кхиснехь а, доккхачу декъехь маьрша дIайоьдуш ю демонстраци.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG