ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаухалов Мохьмад - Эми: "Со толамца цIа ван везаш вара..."


Менталан арифметика олучу, сиха дагардаран дуьненаюккъерачу къийсадаларшкахь толам баьккхина Нохчийчуьрчу дешархочо Шаухалов Мохьмад-Эмис.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:34 0:00
Линкана тIе

Менталан арифметика олучу, сиха дагардаран дуьненаюккъерачу къийсадаларшкахь толам баьккхина Нохчийчуьрчу дешархочо Шаухалов Мохьмад-Эмис. Майлайзи пачхьалкхан коьрта шахьарехь Куала-Лумпурехь дIаяхьначу оцу конкурсехь дакъалоцуш 70 пачхьалкхара дешархой хилла.

Дагардаран хьуьнар гайта яханчу Оьрсийчоьнан тобанехь 50 сов стаг хилла, царна юкъахь вара 9 шо долу Шаухалов а. Шен хенара болучарлахь толам а баьккхина, дашо мидал яьккхина цо.

Къона толамхо тахана цIахь ву. Ишколехь садаIаран миноташкахь арахь берашца ловзучуьра юкъах а ваьлла, къамел дира цо, ша баьккхинчу толамах: "Со цхьана а хIуманна саготта вацара. Ас сайна елла примераш йийр юй хаара. Со толам а бахьаш цIаван везаш вара".

Шаухалов Мохьмад-Эми шен хене хьаьжжина а доцуш, дешарна тIетаьIна ву. Мукъа хан кIезга ю цуьнан, цо дийцарехь: "Хьалхарчу классехь суна математика хазахетара. Суна дукха хIума хета хаза. Робототехникехь шозза хьалхара меттиг яьккхина ас. Сихаешар а чекхъяьккхина ас. Йоккха теннисех а ловзуш ву. Карате а гIур волуш ву. ХIинца суна хазахетарг мультистуди ю. Тахана дIаязвелла со цига. Со оцу къийсадаларшка дIакхаьчча, соьга хаьттира Дино Вонго (и система кхоьллинарг) "хьо мичара ву?". Ас со Нохчийчура ву аьлча, цо шен шеко яцара элира, ас толам боккхург хиларна".

И хаам тахана шуьйра гIарабаьлла бац Нохчийчохь, амма оцу кIентан гергарчарна а, иза доьшучу "Brainix" ишколана а боккха юьхькIам бу и. Цуьнан нанас Шаухалова Заретас иштта элира: Маршо Радионе "Шарахь къахегна цо оцу ишколехь. Боккха болх бу иза. Массийтанхьа къахьоьгуш хьийза-м хьийзина хIара. Кхиам хир бу аьлла тешна-м яцара со, хIунда аьлча 57 махкара бераш цигахь хилла дела, амма дегайовхо-м яра".

Дукха хан яц Соьлж-гIалахь "Brainix" школа схьайиллина. Цигахь бераш Iамадо куьйган эшарехь мел даккхий а терахьаш цхьана а тухуш, я тIера дIадохуш жамIаш дан. Школан куьйгалхочо Симбагаева Азас шаьш берашца хьоьгу къа эрна доцийла гайтина элира, Шаухаловс баьккхинчу толамо: "Дуьненчуьра 57 пачхьалкх вовшахкхетта, 7 эзар ца кхоччуш бер дара цигахь. Оцу къийсадаларшкахь Шаухаловс хьалхара меттиг яьккхина шен категорехь. Иза хезча, вайн махкахь ма доккха хIума ду, ма юьхькIаме хIума ду иза олу. Спортехь хьалхара меттигаш ю вай, ткъа иштта интеллектуалан къийсадаларшкахь вайн кIанта толам баккхар тхуна а боккха кхаъ бу-кх".

Тахана менталан арифметика Iамочу ишколехь доьшуш цхьа бIе ца кхоччуш бер ду. Царах а кIезга бац боху, кхин дIа а хиндолчу къийсадаларшкахь толам баккха хьакъ долу дешархой.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу девнна юкъагIерта оьший нохчий?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG