ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох ФСБ-но лаьцна Норвегин вахархо


Шпионалла лелош хилла аьлла шеконашца шина баттана лаьцна Москох Норвегин вахархо Берг Фроде. Лефортовон кхелан пресс-секретара Краснова Екатеринас бина и хаа "Интерфакс" агенталле шинаридийнахь. Кху беттан 5-чохь бина бу и сацам. Хьалхо "Росбалтан" хьостано хаийтинера Берг лацарх.

Ницкъаллийн структурерчу хьостано агенталлана чIагIдина, Оьрсийчоьнан ФСБ-н белхахоша къайле тIехь йолу документаш схьаоьцуш лаьцна хилла аьлла. ХIун къайленан кехаташ ду уьш, дуьйцуш дац. ФСБ-на хетарехь, Берга юъарлонаш лелош хилла Норвегин къайлахчу сервисашца а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн талламан урхаллаца а.

"Росбалтан" хьасташа бахарехь, Оьрсийчоьнан тIеман-хIордан флотах кехаташ Берге дIакхачийнарг ву оьрси Житняк Алексей. Байначу баттахь Лефортовон кхело лаьцна Житняк, пачхьалкхна ямарт хилла аьлла.

Дахначу кIиранах Норвегин NRK агенталло а бира изза цIе йолу норгхо лаьцна Москох аьлла. Цара бахарехь, Берг доза лардечу хьукматехь болх беш хилла. Мурманскна а, Норвегина а юкъахь пен боттарна иза дуьхьал хиларна Оьрсийчоьно лаьцна аьлла хета Норвегин Iедална.

Норвегин арахьарчу гIуллакхийн министралла шен ма хуьллу Оьрсийчоьнан карара ваккха гIерта Берг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG