Оьрсийчоьнан бахархойх Иракъехь керла тоба хааелла Гергарчу Малхбалехь а, Къилба Африкехь а Кадыров Рамзанан векал волчу Сабсаби Зиядна. Мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина шен Инстаграмерчу агIон тIехь и хаам.
28 берца 13 зуда ю Иракъерчу куьпахь. Царех цхьа зуда ю Нохчийчуьра яхархо. Дукхахболу зударий а, бераш а Дагестанера бу.
Иштта тептаршкахь бу Москохан а, Брянск кIоштан а бахрахой а.
Карарчу хенахь берашца зударий Оьрсийчу берзорехь масо а кепара юридикан а цхьана кехаташ ду вовшахдетташ, мехкан куьйгалхочун тIедилларца, яздо "Чечня Тудей" агенталло.