ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев ву набахтера араволуш - тхан LIVE-эфир


Кутаев Руслан, политикан тутмакх, дуьненаюкъарчу «Кавказан къаьмнийн ассамблеян» президент, шена Нохчийчуьрчу кхело набахтехь яккха тоьхна хан (3 шо 10 бутт) текхна а ваьлла, маьршаволуш ву кхаарийдийнахь, ГIуран-беттан 20-чохь.

Наркотик лелорна бехке а вина, набахте хьажийна хиллехь а, дуккха а бакъоларъярхойн, политикийн, вевзачийн кхетамехь, Кутаев маршонах ваккхар дара доьзна цо вайнах 1944-чу шарахь махкахбахар дагалоцуш Соьлж-ГIалахь Iилман конференци хIотторца.

Оьрсийчоьно Кавказ Iаьнан Олимпиаданна кечъечу муьрехь и барам хIоттор ца тайнера регионан хьаькамашна – дуккха а адамаша иза лору Кутаевга шерашкахь набахти такхийтаран бахьана.

Кутаев Руслан араволучу сахьташкахь Невран кIоштарчу Чернокозово-набахтин неIаршка гIур ву Маршо Радион корреспондент.

Цигара Live-рожехь эфир латтор ю оха.

Ларъе тхан сайт тIехь а, Фейсбук-агIонтехь Кутаев набахтера араволу хан - иза хила тарло Iьуйренан сахьташкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG