ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра полисхо бехкевина талораш дарна


Почтана тIелатар а деш, къола дарна бехкево ГIалгIайчохь полисхо лаьттина вахархо. Дов кхеле листа дIакхачийна цуьнан. Талламчийн версица, ши шо хьалха талорхойн тобанца тIелатар дина хилла цо Сунжа кIоштан почтан белхалошна. Цаьргара даьккхина хилла цара, бахархоша схьаделла коммуналан йолах 100 эзар сом ахча.

"Оццу дийнахь цо а, цуьнца декъахь болучара а шолгIа тIелатар дина хилла циггарчу почтан инкассаторна, цуьнгара 980 эзар сом а доккхуш", - аьлла, дIахьедина Талламан комитетан векало.

Герзаца талораш дарна аьлла, бехк а хьарчийна, талламаш бинчул тIаьхьа кхеле делла оцу тобан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG