ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу полисхоша ца йиттина берашна


Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бакъ ца дина шайн полисхоша берашна йиттина аьлла, зорбанашкахь даьржина дийцар.

WhatsАpp-ехь Iораяьккхинчу видео тIехь гуш ду, Иласхан-Юьртара божарий сийсазбиначарна етташ, барт хоттуш. Полисхойн духарца волчу цхьаммо кхиазхочун юьхь тIе етташ, гечдар дехар тIе а дожош, гойту цу видео тIехь. ЙоI ю лецначарлахь.

"Хьо саннарш ма бу байа безаш", - олий, вистхуьлу гуш воцу цхьа стаг а.

STAV.AIF.RU агенталле махкарчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакхоша дийцина, оцу инцидентна гонах бина талламаш хиларх.

Цара гайтарца, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахой декъах бац оцу гIуллакхна я полисхойн дозан тIехь хилла а дац и сурт аьлла, дIахьедина министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG