ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буденновскехь хилла кхи цхьа нохчо а кхеле хIоттош ву


1995-чу шарахь Буденновскна тIелатар динчех кхи цхьаъ а Ростов-гIалин кхеле хIоттор ву аьлла шинаридийнахь Инарла прокуратурано.

"Инарла прокуроран гIовса Сыдорук Ивана Нохчийчуьра схьаваьллачу Даудов Бадруддина бехк хилар тIечIагIдина, цо закъалтхой йийсарехь латторна а, терактехь дакъалацарна а, бандиталла лелорна а", - аьлла ду релизехь. Ростоврчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело шен сацам дIакхайкхор бу.

Кхаа йоккхачу машенаш тIехь а, "Жигули" автомобилца а 1995-чу шарахь 160 тIемалой Буденновск гIала чубаьхкинера, байинчу оьрсийн салтийн декъий дохьуш догIу шаьш бохуш, 52 блокпотсна а, КПП-на а тIех а буьйлуш.

Талламан Комитетан зерашца, 1,5 эзар стаг лаьцнера тIемалоша йийсаре, 129 вийнера, 317 чевнш йинера.

Бертан дийцарш бахьана долуш, закъалтхойн ах дакъа маьршадаьккхира, ткъа тIелатар динчу тобанна Нохчийчу дIабаха некъаш даьстира.

ТIелатар вовшахтохарна бехке лору Басаев Шемал 2006-чу шарахь ГIалгIайчохь спецопераци дIахьош хIаллаквира. Яккхий хенаш а йиттина, набахтешкахь бахкош бу тIелеттачу тIемалойх цхьаберш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG