ТIекхочийла долу линкаш

Сатуев Хьусайн

Асар дац со

Готтачу гIуна чохь санна,
Дуьненчохь со вуьсу, бIарзлой.
Дагахь а ца хилларг данне -
Лам, хаьрций, некха тIе базло.

Я кхерах Iинах со тотту,
Некъана боцца зил тухуш,
Сан кхел еш, соьга ца хотту-
ДIашарво, чурт а ца дугIуш.

ЦIе тосу мискачу цIенна,
Соь тIитI дIа ма ала бохуш.
Со хIунда кхоьллина, стенна,
Сайн кхерчан да хила воцуш?

Со-м веъна варий кха аха,
Мацах да ваьхначу лома,
Техкадеш цхьа къохка ага,
Доьзалаш кхиабан хьоме.

Латта ас назманах оху,
Сайн деган хIу тосуш бIаьста.
Лулахойх хервала ога
Дина а дацара лаьттахь.

Ца хьешна ас церан ардаш,
Да вийна кхерч буьтуш байлахь.
Ца кегди беллачийн чарташ,
ТIаьхьенийн даглецам байа.

Асар дац со кха тIехь даьлла,
Бухдоккхуш юьстаха кхосса.
Сайн боцчу динахь ву аьлла,
Къу а вац хотталахь восса.

Хьаша вац со маьлхан хьаьттахь,
Йистера бIаьрг тоха веъна.
Со вага веъна кху лаьттахь,
Охане довха дог тесна.

Авторш

XS
SM
MD
LG