ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Телефонехула "терроризм" кхайкхийначунна луьра таIзар дар дийцаредо Думехь


Телефонехула терроризм кхийкхорна кхаа шарера итт шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш тухуш низаман проект тIеэцна Оьрсийчоьнан Думано, хаамбо Интерфаксо.

Карарчу хенахь террорах харц хаамбечарна 5 шаре кхаччалц ю тоха магийна хан.

Нагахь санна, хулиганалла лелочу наха эккхийтар ду кечдеш, я цIе тосуш ю аьлла, адамна зен хуьлучу кепехь телефон тохахь 200 эзар соьма тIера 500 эзаре кхаччалц гIуда кхачор ду я белхаш бан безар бу кхаа шаре гергга. Оцу барамашца маршонех воккхур вац зуламхо.

Социалан инфраструктуран объекташкахь, масала, хьулийла и школа, вокзал, берийн беш, банк, и кх. дIа а, оьккхуьйтург ю йоьллина аьлла, телефонехула харц хаам кхайкхабахь, 500 эзар соьма тIера 700 тIе кхаччалц гIуда кхачор ду я кхаа шарера пхеа шаренга кхаччалц набахтехь яккха хан.

Миллион сом гIуда хьарчор ду, нагахь даккхий зенаш дина хилахь, масала, аэропортан болх сацош. Оцу дуьхьалоно даккхий финансийн зенаш до аэропортна а, авиакомпаниниа а, дуккхаъчу пассажирашна а.

Нагахь Iеална дестабилизаци ян Iалашонца харц телефон тохахь, миллион гергга гIуда а тухур ду, 6 шаратIера 8 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан а кхачор ю.

Нагахь, байина, лазийна нах хилахь, таIзар кхин а луьра хир ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG