Соьлж-ГIаларчу "Олимпийск" спорткомплексехь Ерриг Оьрсийчоьнан охьатохаран турнир ю дIахьош гоьваьллачу спортхочун Вараев Iадлан дагалацарца вовшахтоьхна.
Дакъалаца гулбелла къовсадаларшкахь Москохара а, Петарбухара а, Краснодарера а, Ставрополера а, Дагестанера а, ГIалгIайчуьра а, ХIиричуьра а, ГIебарт-Балкхаройчуьра а, Кхарачойн-Чергазичуьра а, Казахстанера а, Эрмалойчуьра а, иштта кхечу а пачхьалкхашкара латархой.
Вараев Iадлан 1988 шарахь Сеулехь олимпан ловзаршкахь детин призер а ваьлла, Европан, дуьненан чемпион вара.
Стохка бIаьста Орган чIожехь лекхачу бердан йистехь Iаламан суьрташ дохучу мIаьргонехь, ког шершина хи чу вахана, велира Вараев Iадлан.