ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарера орца кхаьчна Нохчийчуьрчу доьзална


Соьлж-гIалахь цхьанакхетар хилла нохчийн омбудсменан Нухажиев Нурдин Оьрсийчуьрчу Швейцарин миссин куьйгалхочун гIовсаца Францен Патрикца а, оцу пахьалкхан векалтан лакхарчу хьехамчаца Кольде-Коровиной Доротеяца а. Дакъалоцуш хилла вовшахкхетарехь ишта мехкан куьйгалхочун кхеташонан хьаькам Алиев Тимур а, ЧимарзаевгIеран доьзалан хьалхара стаг - Чимарзаев Насруди а.

Нохчийчуьра вахархо Чимарзаев Мохьмад-Эми шен доьзалца Швейцарехь веха дуккха а зама хилла. Кху аьхка цуьнан хIусамнана Тайсумова Хьавани берашца юхайирзинера дай баьхначу Майртуьпа, гуттаренна а аьлла. Махкахь яха ца луучу цуьнан йоккхахйолчу йоIа Хедас Швейцаре юха дIаяха некъаш лехнера.

Иштта аьхка электронан почтехула кехат дахьийтинера йоIа Швейцаре, дехоша шен йижаршна тIехь ницкъ латтабо, кхечу пачхьалкхе дехьаволу паспорташ а, мобилан телефонаш а схьаяьхна шайгара аьлла.

Оцу арзан лорах гурахь Нохчийчу веанера Швейцарин векалто хьажийна Москохара адвокат Кузнецов Сергей.

Цуьнгара хиина, кху шеран аьхка, Мархьокху-беттан 9-чу дийнахь дуьйна Чимарзаев Мохьмад-Эмигара а, цуьнан зудчуьнгара Тайсумова Хьаванигара а Малхбузерчу Лозаннан кхелахочо ден-нена бакъонаш дIаяьхна хилар а, Чимарзаев ша Iедало лаьцна латтош хилар а.

Нухажиевн тIедилларца, аппаратан белхахоша Москохара веанчу адвокатца талламбина Куьрчала-кIоштарчу Майртуьпахь.

Билгадаьлларг ду, болчу хаамашца, Тайсумова Хьавани шен 6 доьзалца цхьана тоьллачу хьелашкахь ехаш хилар. Иштта лоьро-травмотолога таллам бича, ца карийна дегIа тIехь ницкъ бина таммагIаш а.

Берийн нанас ша шен лаамца цIа йирзина аьлла, шен доьзал нохчийн гIиллакхашца хьалакхиорхьама. Берийн девешо а харц дина, ша бершна тIехь Iазап латтадо боху информаци.

Нухажиев Нурдин офисехь хиллачу цхьанакхетарехь шина а агIоно компромиссе сацам тIеэцна, гергарчу хенахь ЧимарзаевгIеран агIор волу цхьаъ а, бакъонашларъярхо а Швейцаре а вахана, меттигерчу Iедалца а, бакъонашларъярхошца а, шеца Чимарзаев Мохьмад-Эмица а цхьана а кхетта, шина а агIонна товччу агIор ерзо иккхина конфликт.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG