ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь араяьлла Юсупов Iилманан поэзин книга


Германерчу ZAZA цIе йолчу зорбанехь араяьлла вевзаш волчу нохчийн поэтан Юсупов Iилманан рогIера байтийн гулар. "Ден дош" цIе йолчу цу гуларехь арахецна поэто ша оьрсийн маттахь язйина а, нохчийн маттера ша оьрсийн матте гочйина а стихаш. Тайп-тайпанчу шерашкахь язйина йолу кхо бIе сов байт ю керлачу киншки тIехь ешархойн тидаме йиллина.

Юсупов Iилман нохчийн уггаре а вевзачарех цхьа поэт ву. Цуьнан хIинцалц схьа ненан маттахь пхиъ поэзин гулар араяьлла. Иштта кхечу поэташца цхьаьна арахецначу коллективечу гуларшкахь а зорбане йийлина цуьнан байташ.

ТIаьххьарчу шерашкахь Швецехь вехачу поэтан Канадехь а, Швецехь а араяьлла поэзин книгаш. Иза 2015-чу шарахь дуьйна Швецин яздархойн Цхьаьнакхетараллин декъашхо ву.

Юсуповн байташ ингалсхойн а, шведхойн а, испанхойн а, болгархойн а меттанашка гочйина ю. Карарчу хенахь автобиографикаллин романна тIехь болх беш ву иза.

XS
SM
MD
LG