ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Хас-Мохьмад даржехь чIагIвина Кадыров Рамзана


Бутт гергга хан хьалха Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Соьлж-ГIаларчу полисхойн урхаллан ханна декхарш кхочушдан хIоттийначу Кадыров Хас-Мохьмадан хIинцале а полицин лахара лейтенант чин ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн миниcтраллан официалан сайтехь бу и хаам.

Оцу хаамаша гойту Кадыровн куьйгакIел масех полковник а, подполковник а, майор а, капитан а, кхин а полицин лаккхарчу даржашкара нах хилар.

Соьлж-ГIалин полисхойн хьалхо хьаькам лаьттина Висмурадов Абушайх полковникан даржехь вара.

Кхааридийнахь керлачу даржехь чIагIвинчу Кадыров Хас-Мохьмада ехха кхеташо дIаяьхьира, яздо "Фонтанкас".

Керлачу хьаькаман маса шо ду хаа гIоьртира "Фонтанка", амма полисхойн декъехь шайна ца хаьа, я и таллархьама телефонаш еттарх вукхо схьа а ца оьцу элира. Инстаграмерчу шен агIонтIехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина хаам, кху беттан 18-чохь белхахошна керла куьйгалхо вовзийтина хиларх. Кадыров Хас-Мохьмад тIахъаьлла, къахьоьгуш куьйгалхо ву аьлла Кадыров Рамзана.

"ХIинццалц шех тешийначу даржашкахь а дикачу агIор гайтина цо ша", яздо Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG