ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанна "керлачу шеран совгIат" дина Iамерко


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваьккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан. "Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхина министраллехь.

"Адамаш дарна а, кхел йоцуш нах хIаллакбарна юкъара йолу администраци Кадыровс, ша урхалхо хиларе терра, Iуналлехь латтош ю. Кадыровн омраца вийна ву цуьнан политикан цхьа оппонент, цо Нохчийчохь долчу хьолах ма-дарра дийцар бахьана долуш", яздо пресс-релиз тIехь. Амма хууш дац мила оппонент ву цара вуьйцург.

Ша "Магнитскийн тептаре" ваккхарх хиинчул тIаьхьа, Кадыровс аьлла "Iамеркан лаьтта тIе ког билла аьлла, шега хIинца а омра кхаьчна дац", цундела "Цхьанатоьхначу Штаташа са гатдан ца оьшу" аьлла.

Керлачу шарна шайна дина цхьа дика совгIат санна тIеэцна и хаам бахархоша аьлла зорбан министро Умаров Джамбулата РБК агенталле интервью луш.

Гейш лоьцуш, царна тIехь гIело латтийна аьлла иштта оцу тептаре язвина Устрада - гIалин полисхойн декъан куьйгалхо Катаев Аюб а.

Iамерко хIоттийначу "Магнитскийн тепатрехь" верриг а 49 стаг ву. Бу царлахь Талламан Комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Думан депутат Луговой Андрей а, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG