ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Цхьаболчу инарлашка цадалург до Кадыровс


Соьлж-ГIаларчу полисхойн дакъошна тIехь урхалла дан хIоттийначу, лейтенантан чинехь волчу Кадыров Хас-Мохьмаде "цхьаболчу инарлашка цадалург далур ду" аьлла РБК-н агенталлана еллачу интервьюхь зорбан министро Умаров Джамбулата.

Оцу дарже Кадыров хIоттийна хиларх хьалхо яздира зорбанашкахь. Ткъа оршотдийнахь мехкан куьйгалхочо полисхошна официалехь вовзийтира керла хьаькам.

Инстаграмерчу шен агIонтIехь Кадыров Рамзана хаамбинера, кху беттан 18-чохь белхахошна керла куьйгалхо вовзийтина ша хиларх. "Кадыров Хас-Мохьмад тIахъаьлла, къахьоьгуш куьйгалхо ву, "хIинццалц шех тешийначу даржашкахь а дикачу агIор гайтина цо ша", аьлла, яздинера Кадыровс.

"Лахарчу лейтенантан чинехь волчу Кадыров Хас-Мохьмаде цхьаболчу инарлашка цадалург далур ду. Наркобизнес дIаяйина ала мегарр ду цо, юкъараллехь къепе тойина, тахандерчу дийнахь махкахь зуламаш дар лахделла. Буьйсанна шен машен дIа а ца къовлуш, маьршша урамашкахула лела тахана", - аьлла, билгалдаьккхина министро.

Иштта масалшца дуьненчохь гоьбевллачу исторехь баха бисинчу нахаца вусту Кадыров Хас-Мохьмад Умаровс.

"Наполеонан 23-25 шо дара, цо дуьххьарлера гIап йоккхучу хенахь. Цул тIаьхьа делла цунна инарлан чин", - аьлла зорбан министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG