ТIекхочийла долу линкаш

Iаьнан кечамаш а бина, туристаш тIеэца кийча ю "Архыз" , "Ведучи" курорташ. Къилбаседа Кавказан гIуллакхийн министраллехь дIаяьхьначу кхеташонехь дийцаредина курортийн эксплуатацех.

Массо а курорташкахь лаьмнашкахь ког-салазаш хехкаран инфраструктура а, туристийн кхерамзалла а ларъеш, хьелаш кхоьллина шаьш боху Iедало.

СадоIийлийн майданашкахь мичча хенахь а сема орцанхой хир бу, инструкторш а цхьана.

"Ведучи" туристийн садоIу комплексан гIишлош а, оьшуш йолу инфраструктура а болх бан кийча хир ю тIедогIучу 2018-чу шеран Дечкен-беттан 20-хь. Оцу дийнахь хир ю и комплекс схьайоьллуш официалан церемони аьлла, хаам бинера хьалхо "Комсомольская правда" газетано.

XS
SM
MD
LG