ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеларчу бахархойн цIенош дIахьокхуш ду Iедалхоша


Нохчийчуьрчу Шелахь тIетаьIIина юкъ шоръеш, дIахьоькхуш ду бахархойн цIенош. 7 тIекIелдинчу цIенойх а, Кадыров Рамзанан цIарахчу маьждигах а лаьтташ хир ю Керлачу шарна кечъеш йолу Шали-сити аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале меттигерчу бахархоша.

Соьлж-ГIала боьду машенийн некъ шорбархьама шина урамера цIенош дIахьаькхна Iедалхоша. Гермчиг агIора гIали чу вуллучуьра (Ленинан цIарах лаьттина урам) доллу дахарехь баьхначийн 43 хIусам йохо сацам бина.

Иштта Жимачу-АтагIа боьдучу "Учительская" урамера 23 цIа а дIахьокхуш ду. ХIусамаш йохийначу дукхахболчарна ЭхаштIе боьдучу новкъахь меттигаш кхачийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG