ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 зуда а, бер а цIадерзийна Иракъера а, Шемара а


Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашкара кIелхьарабаьхначу нахана шайн гергарнаш лохуш а, кехаташца цхьалхо еш а гIо до лерина кхоьллинчу комиссино аьлла, белхан хьокъехь Пермехь йолчу берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. Комиссино гIо до бераш школашка а, берийн бошмашка а дIатардеш а.

"Да-нана доцуш дисина бераш шайн гергарчаьргахь ду. Халонаш лайна и бераш дистхуьлуш ца хуьлу. Шок лайна цара, царна психологийн гIо оьшу, адамаех дIаэн", боху бакъонашларъярхочо.

Тахана болчу хаамашца, 100 гергга зуда а, бер а даймахка дерзийна Иракъера а, Шемара а нохчийн Iедалхойн гIоьнца. Нохчийчуьра, Дагестанера, Башкирера, Тверера, Нижневартовскера, Казахстанера, Узбекистанера бахархой бу уьш.

Иракъера а, Шемара а бераш а, зударий а цIа берзо болийра, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Инстаграмерчу агIон тIехь RT телеканалан корреспонденташа Багдадерчу берийн цIийнехь яьккхина ролик зорбане яьккхинчул тIаьхьа. Оцу ролик тIехь дуьйцура, Оьрсийчуьрчу дайша-наноша "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетачу хенахь, шайца дIа а дигина, Иракъан Мосул маьршаяьккхинчул тIаьхьа дIатисинчу берех.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG