ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна цатайна Кадыровна Iамерко санкцеш тохар


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" ваккхар ца тайна Кремлна. "ДогIуш дац санкцеш тохар, тхуна уьш доттагIалле ца хета, тхо реза дац", - аьлла Оьрсийчоьнан пресс-секретара Песков Дмитрийс.

Дуьхьал а цу кеппара гIулчаш яха там бу шаьш аьлла Кремлан векало. Iамеркан бахархойх тептаре язван кхачош Кадыровх тера мила ву аьлла хаьттича, кIезиг бу царлахь цуьнга кхочу нах аьлла, жоп делла Песковс.

Кхааридийнахь дийца даьккхира, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцийн "Магнитскийн тептаре" ваккхарх Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

"Кхел йоцуш нах хIаллакбарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, къоманна тIехь къизаллаш лелорна" аьлла, билгалдаьккхина министраллехь.

Гейшна тIаьхьаваьлла лелла, царна тIехь гIело латтийна аьлла иштта оцу тептаре язвина Устрада - гIалин полисхойн декъан куьйгалхо Катаев Аюб а.

Кадыров Рамзан Iамерко "Магнитскийн тептаре" язвар "русофоби" а, "Iовдалалла" а ю аьлла тIеман а, кхерамзаллан а комитетан куьйгалхочун гIовса Клинцевич Франца.

Iамерко хIоттийначу "Магнитскийн тепатрехь" верриг а 49 стаг ву. Бу царлахь Талламан Комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, Думан депутат Луговой Андрей а, Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад а.

"Нохчийчоь бусулбачу мехкашлахь тахана маьрша мохк хилла дIахIоьттина Нохчийчоь. Дуьненаюкъара терроризм яржарна дуьхьало а латтош. Цхьа бIаьрзениг хир ву тахана и ца гуш", - аьлла, яздина шен Фейсбукерчу агIон тIехь сенатора.

Тутмакхаша даим аьрзнаш дора, шайн бакъонаш оцу набахтин хьаькамаша а, хадархоша а хьоьшу, бохуш. ХIермитаж фондан аудитор Магнитский Сергей, хьаькамаша ловзо даккхий ахчанаш Iорадохуш, толлучу хенахь, Iедална ял дIа ца елла аьлла, бехктакхаме гIуллакх хьалха а теттина, лаьцнера.

Изоляторчохь лаьцна шо дузуш кхелхина иза. "Магнитскийн тептар" Iамеркан Iедалша тIеэцна иза кхелхинчул тIаьхьа.

Оцу кехато доьхку цIераш кхайкхийначу, иза валарна бехкелоручу нахана шайн мехкашка бахка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG