ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нухажиев: Кадыров "Магнитскийн тептаре" ваккхар - абсурд ю


Шеконаш йолу стаг бехкевар дихкина хилар дохийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа, "кхел йоцуш нах хIаллакбина аьлла, Кадыров Рамзан бехкала а воьллина, "Магнитскийн тептаре" а воккхуш аьлла ТАСС агенталле Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис.

"Кхел йоцуш нах байар, адамашкахь Iазап латтор, кхечу кепара адамийн бакъонаш хьешар, Кадыровн жоьпаллехь ду бохург юридикан абсурд ю. Оцу дIахьедаршца Штаташа шаьш йохош ю коьрта принип – бехкецахиларан презумпци. Бух боцуш, тоьшаллаш ца далош, Нохчийчоьнан территори тIехь адамийн бакъонаш ларъеш яц бохуш", - аьлла Нухажиевс,

Хьалхо, ша "Магнитскийн тептаре" ваьккхинийла хиинчу Кадыровс бегашенна санна аьллера: "Набаран суй кхетар бац суна тховса. Наб кхоьтуьйтучу молханаша дан дарба а дац"".

Дуьненаюкъарчу адамийн бакъонийн организацеша дуккха а шерашкахь дуьйцура, Нохчийчохь Кадыровс адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх, Оьрсийчоьнан Iедалша тIе а хIуьттуш, и харцонаш къайлахьош хиларх а.

Кхаарийдийнахь Iамеркан финансийн министралло пхи Оьрсийчоьнан вахархо, шайлахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзана а волуш, "Магнитскийн тептаре" бехира.

Устрада-ГIалин полисхойн декъан куьйгалхо Катаев Аюб а язвина оцу тептаре, гейшна тIехь Iазап латторна, бехке а веш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG