ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иракъера берашца зударий арабаха адвокаташ лоьху Нохчийчоьнан Iедалша


Иракъерчу кхелашкахь терроризм яржорна бехкебечу Оьрсийчоьнан зударийн бакъонаш ларъян адвокаташ лоьху Нохчийчоьнан Iедалша. Гергарчу Малхбален а, Къилба Африкерчу а мехкан куьйгалхочун векало Сабсаби Зияда бина и хаам журналисташка.

"ТIаьхь-тIаьхьа хало ду бакъонан, юридикан планехь аьлча. ХIунда аьлча, вайн зударий а, 14 шо кхаьчна зудабераш а Иракъехь амнисти юкъа ца боьлху. Кхелан сацаме хьаьжжина хуьлу гIуллакх. Цундела Кадыров Рамзана тIедиллина Багдадерчу кхелашкахь бакъонаш ларъяйта адвокаташ, юристаш лаха аьлла", боху Сабсабис.

"Нагахь санна, цхьа хан оцу зудчунна тоьхнехь, ткъа цуьнан беран кхо шо кхаьчна делахь, и бер нуьцкъаша цуьнагара схьа а доккхий, берийн хIусаме кхачадо. Ас дукха къамелаш дина вайн зударшца, царех 95 процент дуьхьал хуьлу кхел а хилале шайн бераш дIадала. Кхелан сацаме ладоьгIуш Iа уьш", - аьлла, тIетоьъхна полттико.

ТIаьххьарчу 4 баттахь 90 зуда а , бер а цIадерзийна Иракъера а, Шемара а.

Берийн омбудсмено Кузнецова Аннас бахарехь, хIинца а цигахь дуьсу 500 Оьрсийчоьнан бер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG