ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь Кадыровн эскарш ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелетта


Ша бакъйолу тIеман операци ю кху карарчу хенахь Гуьмсехь дIахьош. 400 туьтмIаьжгаш йоьхна, герзах боьттинчу наха дIалоьцуш ду ЯмадаевгIеран доьзалш беха хIусамаш. Камуфляж йоьхнарш цIенош чу а лелхаш, нах дIалоьцуш бу, дуьйцуш бахьана а доцуш.

"Росбалтан" хьостано дийцарехь, делкъал тIаьхьа Гуьмсе чугIоьртина 400 туьтмIаьжгашца яххьаш лачкъйина нах. Билгалдаьлларг ду, Кадыров Рамзанан куьйга кIелара эскархой уьш хилар.

ЯмадаевгIеран доьзалш беха Горькийн цIарахчу урамера йоллу квартал дIалаьцна цара.

"ХIусамаш чу а лелхаш, массо а хIума тIекIал а тосуш, нах бу дIалоьцуш. Кеста хаза там бу, цхьа карчам бан гIерташ тоба яра цигахь аьлла", - хета "Росбалтан" хьостанна.

Хиллачух видео я суьрташ делахь, дехар ду Маршо Радион редакце схьатасар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG