"Новая газетан" 20 хьостано а, Гуьмсехь Горькийн урамехь вехачу 17 вахархочо а бакъ ца йина, Гуьмсехь 400 эскархочо ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелатар дина аьлла, "Росбалт" агенталло Iораяьккхина информаци.
Газетан хьосто тIечIагIйина Кадыров Рамзанан пресс-секретаран, цу кIоштахь паспорташ толлуш полисхой бара боху информаци.
Хила тарло полисхоша лоьхуш волу Ямадаев Iийса, байинчу вежарийн ЯмадаевгIеран Сулиман а, Русланан а ваша, Кадыровн чIирхо Гуьмсехь гучуваьлла боху хаам зен арабевлла хилла а полисхой.
Ницкъаллийн структурийн белхахоша Гуьмсехь нах лецна аьлла информаци яц "Новая газетан".
Гуьмсехь хьал маьрша ду аьлла дIахьединера мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Керимов Iалвис, дуьйцу "Интерфаксо" а.
Техника тIе а оьзна, спецопераци дIаяьхьна бохург бакъ дац.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?