ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров Джамбулата жоп делла оьрсийн блогерна


"Кадыровн цIартIехь шена пиар еш хилла" аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата, кху деношкахь "ламчуьрчу вешига" кехат дахьийтина оьрсийн блогер Лебедев Артемий.

"Артемий – еса хIума ю. Суна ца хаьа, и хIун блогер ву. Шен постехь ша хIуммаъ а йоцу хIума хилар ду цо хоуьйтуш. Ша кIилло хилар ду цо гойтуш", аьлла Умаровс.

Дизайнера стешхаллехь бехкебан безаш бацара, шаьш баккъал а нийса цахиллийла а хиина, гечдар дехнарш аьлла, тIетоьхна министро.

Маршо Радионо хаамбинера, нуьцкъала адамашка гечдар дехийтаран хьокъехь социалан машанехь "Лаьмнашкарчу веше диллина кехат" аьлла, кхайкхам бинера дизайнеро Лебедев Артемийс..

"Нагахь санна паяльник сайна тIе лацахь, тоька чу и ца йоллахь а, камерана хьалха ас муьлхха а дешнаш эр ду, бехказа волуш. Массо а суна бевзачара а дийр ду изза", - яздинера дизайнеро.

"Хьо ницкъ болуш ву, хьо майра ву, хьоьх массо а кхоьру. Амма кхетахьа, хьоьга гечдар доьхучара доггах олуш ма дац и дешнаш. Видео тIехь и дешнаш хезнарш а тешаш ма бац", - аьлла дара кехат тIехь яздина.

Шайн културехь ахь дечу гIуллакхашка, хьан хьекъале, сине, даге хьожжий хуьлу хьоьга болу ларам, ткъа хьан културехь а ду лараме хьекъал, амма къаналле вирзинчул тIаьхьа, яздора блогера.

"Ас цхьа хьехар дийр ду хьуна_- масал эца шайн къанойх, бохуш, кхи дIа а дехха дуьйцура шен кехата тIехь Лебедевс, -Цаьрга ларам хила мегар ду, церан дегIа тIе паяльник яхьа а ца оьшуш, цивилан адамашка санна".

XS
SM
MD
LG