ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Росбалт": Ямадаев Iийсан цIа дIадаьккхина дIаяьхьначу операцехь


Гуьмсехь еаридийнахь дIаяьхьначу леринчу операцех керла хаамаш билгалбевлла "Росбалтна". Цара бахарехь Ямадаев Iийсан цIа шайн карадерзош хилла Iедалхой.

Оцу хьолана герга хиллачу стага агенталлана дийцарехь, ЯмадаевгIеран баккхий доьзалаш бехачу Гуьмсерчу Горькийн цIарахчу урамехь масех бIе туьтмIаьжгаш йоьхначу эскархоша спецопераци дIаяьхьнера.

ТIаьхьо гучудаларца, уьш хиллера Гуьмсера а, Хоси-Юьртара а, кхечу кIошташкара а полисхой.

ЯмадаевгIар бехачу квартална го а бина, хIусамаша чу а лелахш, цIенойх хьуьйсуш, талламаш бина хиллера цара.

Масех керташкарчу гIунаш чуьра хи схьаозийна а хиллера цара, цигга кхайкхина ялийнера цIе йойу машенаш а.

Полисхоша шаьш лелочунна тIаьхьа ца кхиийтина цхьа а, ЯмадаевгIеран Хьамзат цIе йолу хьалхара стаг лелочунна тIекхиа гIоьртича, цунна йиттина хилла, дийцина "Росбалте" церан хьостано. Эххар а, Ямадаев Iийсан цIа схьадоккхуш ду шаьш, цу чуьра шина сахьтехь арадовлар тIедожийна хиллера.

Карладоккху, кху аьхка мехкан куьйгалхочунна кIело кечйина хилла аьлла, гIуллакх дуьхьал а даьккхина, Ямадаев Iийсан гонера нах лецнера.

Гуьмсехь спецопераци ю дIахьош аьлла, "Росбалтан" хаам зорбане баьллачул тIаьхьа, чоьхьарчу гIуллакхийн министралло паспорташка а хьовсуш, талламаш бара дIабаьхьнарш аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG