Грозненск кIоштарчу кхело листина даьлла меттигерчу яхархочунна 42 шо долчу Юсупова Луизина дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх Билгалдаьлла, Грозненск кIоштарчу ГIуларехь кху гурахь Юсуповас оперативан барамаш дIахьочу белхахочунна баккхийчу барамашкахь йохка дагахь марихуана нисйина хилар. Таллам бича зудчуьнгахь карийна наркотикаш йоьхкина ахча а.
Юсупова бехкехилар тIе а чIагIдина, кхело сацам тIеэцна цунна набахтехь даккха 8 шо хан тухуш.