Навальный Алексейн коррупцица къийсам латточу фондо бинчу талламашкахь, Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Парижехь петар эцна бахар тIе ца дуьту ша Песков Дмитрийс. РБК агенталло бо и хаам.
Стохка гурахь 125 миллион сом ахча а делла, Песков Дмитрийс петар эцарх хаамаш зорбане баьхнера хьалхо Навальный Алексейс. Фондан хаамашца, Песковн хиллачу зудчун Солоцинская Екатеринин а, йоьIан Пескова Елизаветин а цIарах йолчу компанина тIе язйина ю и петар.
И хIусам эца ахча мичара даьлла, хууш дац. Солоцинскаян деклораци тIехь шарахь тIедогIучу ахчан барам лахара бу.
Навальныйс дIахьедо, "къуно а, кхаьънаш оьцучу" Песковс и ахча делла хиллар.
Хьалхо Навальныйс бехкевира президентан пресс-секретарь коррупци лелорна, 40 миллион сом мах болу цуьнан пхьарсах долу сахьт а хьахош.
Хаамаш баржийра оппозиционеро, Песковс шен зудчуьнца Навка Татьяница 26 миллион сом мах болчу, уггар а доккхачу хикеман тIехь садаIарх а.
Цул совнах, Навальныйс чIагIдарца, ахмиллиард доьху цIа а ду Песковн долахь Рублевкехь.