ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ: Шемахь исламисташца тIом берзаза бу


Шемахь "Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобанхошца болийна къийсам берзанза бу. Iамеркан президентан ДаIишца къийсам латточу леринчу векало Макгурк Бретта бина и хаам

Террорхой эшийна бохуш, Оьрсийчоьнан Iедалша дечу дIахьедарех Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн администрацехь тешаш бац. ХIинца а Шемахь а, Иракъехь а вуьсуш ву, леринчу векалан хаамашца, 3 эзар гергга джихIадхо.

ТIеман контингент Шемара араяьккхина Москоха бахахь а, Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш долуш ду цигахь аьлла, билгалдаьккхина Макгурка. ХIетте а, боху леринчу векало, Шемарчу Ат-Танфехь латтош ду шайн эскаран а цхьа дакъа, "Исламан пачхьалкх" шайх олу тоба юха чу ца йитархьама.

Вовшашца дагадовлуш хилахь, юкъара интерес йолчу сферашкахь дуьненаюкъара коалици кийча ю Оьрсийчоьнан эскархошца юкъаметтигаш латто, аьлла Iамеркан президентан векало..

Масална Макгурка хьахийра, Шеман а, Урдунан а дозанашкахь каппаш тоьхначу мухIажиршна гIо латтош Оьрсийчоьнца цхьана болх бар.

Карарчу беттан 6-чохь Инарла Штабан хьаькамо Герасимов Валерийс дIакхайкхийра, ДаIишхойх ерриг а Шема дIацIанйина аьлла.

Цул тIаьхьа кIира даьлча Хмеймим тIеман базехь хиллачу Путин Владимира омра дира, эскархойн контингент Шемара араяккха аьлла.

Еаридийнахь дийца даьккхира, пачхьалкхан Думано Шемарчу Тартусехь шайн тIеман-хIордан флотан (ВМФ) база чIагIъйина хиларх.

49 шарахь лаьтташ бу и барт, цул тIаьхьа кхи а 25 шарна дIабахло автоматехь. Бертан проект Думе кховдийнарг президент Путин Владимир ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG