ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмехь Кадыровн аккаунт карош яц


Шоьтадийнахь Инстаграмера а, Фейсбукера а мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан аккаунташ дIакъевлина карийна. @kadyrov_95 агIонна чу ца вахало, я дIаяьккхина аккаунт я цхьа дуьхьало цигахь ю хууш дац.

Иштта хууш дац мехкан куьйгалхочо шен лаамехь дIаяьккхина Инстаграмера агIо я сервисан бахьанаш ду.

Билгалдаккха догIу, Кадыров Рамзан жигара вара социалан машанашкахь.

Кхо миллион гергга стаг вара цуьнан Инстаграмерчу агIоне язвелла. Цо денна бохург санна керл-керла политикех лаьцна публикацеш зорбане йохура шен пена тIехь, йоккха резонанс а оьккхуьйтуш.

Я ша Кадыровс а, я социалан векалша а цкъачунна аккаунт къовларан хьокъехь йина комментари яц.

Масех де хьалха Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло "Магнитскийн тептаре" язвинера мехкан куьйгалхо, цунна дуьхьал кеп-кепара санкцеш а йохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG