ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь шайх лаьцна информаци цаяржоре кхойкху бахархой зIенан министралло


Оьрсийчоьнан зIенан, коммуникацийн министралло пачхьалкхан бахархошка шайх лаьцна тIехсов информаци ца яржор доьху социалан машанашкахь. ТАСС агенталле бина и хаам министраллан куьйгалхочун гIовса Волин Алексейс.

Пачхьалкхан бахархойн медиахаарш лакхадахархьама рекомендацеш кечйина министралло.

"Дайх-нанойх а, берех дерг аьлча, ца оьшу шех лаьцна информаци яржо интернетехь. Зуламхоша, хууш ма хиллара, пайда оьцу зорбане яьккхинчу информацех", - аьлла Волина.

Кху беттан 19-чохь Росгвардино а хьехнера, социалан машанашкахь шаьш садоIучу меттигашкара суьрташ ца хIиттор, петаршкахь къоланаш деш хиларна. Къаьсттина керлачу шеран даздаршкахь нисло къоланаш дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG