Оьрсийчоьнан политик, оппозиционер Немцов Борис вийначу меттиге зезагаш дехкина Великобританин арахьарчу гIуллакхийн министро Джонсон Бориса. Москворецкан тIай тIехь хIоттийначу халкъан мемориална уллехь шен даьккхина сурт твиттере хIоттийна министро, "Бакъонан кхел хила езаш ю" аьлла, буха а яздина.
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца цхьанакхета Москох веанера Джонсон Борис. Къевлинчу неIаршкахь дIадаьхьна цу шиммо дийцарш.
Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш таян Iалашо ю шен аьлла, дIахьедина Британин министро, къаьсттина шайн пачхьалкхехь арахоьцучун экспорт алсам а йоккхуш.
Иштта Джонсона билгалдаьккхина, Украинехь лаьттачу ситуацин хьокъехь Москохан а, Лондонан а хьежамаш цкъачунна кеп-кепара хилар а.
ГIирмех Великобританин позици хийцаялаза ю – Украинан суверенитет Оьрсийчоьно йохийна аьлла хета Лондонна.
Цхьана агIор и проблема а ясталур ю аьлла тешам къадийна Британин министро.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?