ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс ша дийна хилар дIакхайкхийна


ПIераскан суьйранна социалан машанерчу масех пабликаш тIехь оппозиционер Навальный Алексей вийна аьлла информаци яьржинера. "Медуза" интернет-гIирсан цIарах баржочу хаамашкахь а чIагIдора, ша вехачу хIусамна хьалха вийна Навальный, бохуш.

ТIаьхьо "Медузас" дIакхайкхийра, шайн цIарах йиллинчу аккаунтехь беш бу и хаамаш, шайн интернет-гIирсо даржош дац аьлла.

Твиттерерчу шен агIон тIехь Навальный Алексейс хаийтина, ша дийна хиларх.

Хууш дац оцу фейкан хаамна тIехьа лаьттарг мила ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG