ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассехь бина барт цаларбарх дIахьедо конфликтан шина а агIоно


Малхбалерчу Украинехь йолчу конфликтан агIонаша вовшашна бехкаш тIе а тоьттуш дIахьедо, хьалхо "керлачу шеран" бина барт бохийна хиларх. Шоьтан буса дуьйнна лардан кхачош дара бертан дина маслаIат.

Украинан эскархоша чIагIдарца, Оьрсийчоьно гIортор латточу сепаратисташа герз деттар сацош дац. Яхначу буса вийна Донбассехь украинхо-тIемало.

Шайх "Донецкан Республика" олучу агIоно Украина бехкейо. ТIаьххьарчу буса церан эскархоша 14 гIаланна а, ярташна а тIе герзаш диттина аьлла.

Телефонехула къамел хилла кху деношкахь Украинан президентан Порошенко Петрон немцойн канцлерца Меркел Ангелаца а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Тиллерсон Рексаца а.

Йийсархой хийцарх а, кху кIиранах оьрсийн эскархоша дIатесначу маслаIатан барт ларбарна тIехь терго латточу юкъарчу центрца болх бар а дийцаредира немцойн канцлерца.

Украинан президентан пресс-гIуллакхоша бахарехь, Донбассехь ООН-ан машаран миссин позицеш дIатаряъран хьокъехь къамелаш хилла Тиллерсонца.

XS
SM
MD
LG