ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Ямарт диверсин кибератака ю Кадыровна йинарг


Нохчийчоьнан Iедалша дIахьедо, мехкан куьйгалхочун Инстаграмера аккаунтна чуволийла дац "диверсин кибератака" цунна ярна, аьлла. Iамерко Кадыровна дуьхьал яьхна санкцеш бахьана долуш ду и аьлла хета царна. Зорбан министро Умаров Джамбулата РБК агенталле дийцарехь, кибертIелатар дина Кадыровн Инстаграмна.

"Кадыров Рамзанан аккаунтна йинарг ямарт, диверсин кибератака ю", - аьлла Умаровс. Цо бахарехь, "кибертIелатарш до аш" бохуш, даим а тхуна бехкаш тIетоьттучара дина хIума ду и.

"Кадыров Рамзанан хIора дашо, хьажаро кхерам тосу хIордал а дехьа болчу, кирхьанна тIехьара геополитикан гIовгIа яккха а, къаьмнаш вовшашна чуьчча дахийта а бен гунахь боцчу кIиллойн сутарчу дегнашчу", аьлла министро.

Умаровн шеконаш яц, пачхьалкхан депаратаментан омраца бен Кадыровн аккаунт къевлина цахиларх.

Кадыровн агIо юхаденъеш, белхаш бу дIахьош, амма техникан бахьанашца дIаяйна яц агIо боху Умаровс.

Шоьтан Iуьйранна Кадыров Рамзанан Инстаграмера а, Фейсбукера а агIонаш еллалуш яцара. Ткъа ингалсан меттан Инстаграмера блог а, ВКонтактера агIо а, Телеграм-канал а, Твиттер а хьалха санна маьршша чуволийла долуш ю.

Карарчу беттан 20-чохь Iамерко "Магнитскийн тептаре" вьаккхина Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Цунна бехке дуьллу Iамеркан Iедалша, махкахь кхел йоцуш нах байар а, адамашна тIехь Iазапаш, къизаллаш лелор а, адамийн бакъонаш ларъеш цахилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG