ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Собчак Ксенияс шен харжамийн программа йовзийтина


КарадогIучу шарахь Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцучу журналисто Собчак Ксенияс шен харжамашна кечам беш хIоттийна "123 халонийн гIулч" аьлла, цIе а тиллина программа Iораяьккхина. Оьрсийчохь демократин институташ кхоллар, Iалашъяр, Европаца юкъара мехаллаш, низамаш лардар, кхечу пачхьалкхашца бертахь юкъаметтигаш кхоллар, бахархойн социалан хьелаш лакхадахархьама экономика кхиор а, - уггар коьрта тидаме эцначех агIонаш ю Собчака шен программехь.

Ницкъаллийн структурийн бакъонашна низамашца дозанаш тохар а хьоьху кандидато.

Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман статусех хаттар а хьахийна документехь Собчака. Дуьненаюкъарчу бакъоне хьаьжжина, ахгIайре Украинан территори ю аьлла, билгалдаьккхина Собчака.

Шен программехь референдум дIаяхьар дуьйцу цо, къаьмнийн юкъарлонца а, Украинаца а, Оьрсийчоьнца а цуьнан къепа йийцаре а йина.

"Бахархойн инициатива" партин съездехь шоьтадийнахь йистхилира Собчак Ксения. Тахана дуьйнна официалехь дIакхайкхор йолуш ю иза Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидат санна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG